Де-буьйса беркате хуьлийла хьа Рамзан. Со Аргунехь 1аш йу. 15 шо ду суна коьртана операциш йеш йолу. 2006 шарахь НИИ онкологии Ростова, цул т1аьхьа НИИ им.Бурденко, ЦКБ управделами президента, РКБ Грозного, 1 КБ Грозного. Цара барх1 операци йина опухольш д1а йохуш. Коьрта т1ера даь1ахкаш йаьхна. Тахана юьсолг1а операци йина первый горбольницехь йу со. Х1инца инвалид 1 группы йу. Ког куьг лелш дац коляски т1ехь лелош йу. Йуха опухольш ца йилийта облучени йа еза боху.
Рамзан, хьоьга дехар ду са. Вай онкологически центрехь йолу аппарат йоьхна бах. Ахь и тойе алхьара, сайна дарба хуьлий хьожур яра со. Д1а - схьа йаха хьал дац.
Ларамца, Гуьнара Хьаьжи йиши Хьапти к1ента Абу Муслима йо1а к1антехь йолу Зайнап йу со. Ахь деш долчу даккхи г1умнишка лерча, тхо дист хуьлу дацар, бехк ма биллахь суна.
|
© Портал неофициальных сообщений «Лица»
|
03.11.2020 в 12:25